МухIажирш цIехьа берза торучу мехкийн могIара яьккхина Гуьржийчоь Швейцарино. Сацам низаме боьрзур бу ГIадажу-баттахь. И хаам Iорабаьлла Швейцарин Федералан кхеташонан сайта тIехь.
Хаамо бахарехь, шайн пачхьалкхал арахьа тховкIело йоьху Гуьржийчоьнан бахархой даймахка хьовсо мега, церан махкахь тоъал кхерамзалла ю.
Хьалхо кхераме яц аьлла дIакхайкхийра Швейцарино Албани, Бенин, Босни а, Герцеговина а, Буркина-Фасо, Гана, ХIиндойчоь, Косово, Молдова (Приднестровье йоцуш), Монголи, Черногори, Къилбаседа Македони, Сенегал, Серби.
Швейцарин Федералан кхеташоно ша бинчу сацамашна бухадиллина оцу мехкашкахь адамийн бакъонаш лареъеш хилар а, политикан паргIато хилар а, могашалла Iалашъеш хилар а. ЦIеяьхначу пачхьалкхашкахь и ниIматаш долуш ду аьлла хета Европан Бертана а, Цхьанакхеттачу Къамнийн организацина а.
Швейцарино бахарехь, 2017-чу шеран гурахь дуьйна ерриг а Европехь кхиадоьлла тховкIело йоьхучу гуьржийн терахь, ткъа цуьнан бахьана дозу Гуьржийчуьра Шенгенан мехкашка воьдуш виза хьашт яцарца.
Ца йогIучохь тховкIело адамашна ялар лахдийр ду Гуьржийчоь кхерамзаллечу пачхьалкхийн тептара язъяро, боху Швейцарин Федералан кхеташоно.