ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туристаш кхийла болор бу Нохчийчуьрчу ЦIайн-Пхьеда


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гуьржийчоьнца лаьтта доза лардечу Оьрсийчоьнан эскарша туристашна тIекхочийла дихкинчу нохчийн къоман агана – ЦIайн-Пхьеда – боьлху некъаш баста дагахь ду Нохчийчуьра Iедал.

ЦIайн-пхьеда, "цIуй-деланийн мохк", маьлхан кешанийн аре, Iуьллу Итум-Кхаьллан кIоштахь, Маьлх-Йистан чIажахь, ЧIаьнта-Орга Меши-хих иэлучу ломахь. Оьрсийчоьно синбахаман хазанийн могIара язйина а, пачхьалкхехь туристашна тIекхача уггаре халачу меттегех лоруш а ю ЦIайн-Пхьеда.

13-чу – 15-чу бIешерашкара 42 маьлха каш ду оцу махкахь, царна юккъехь лаьтта вуно шира бIов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG