Палестинин автономин лидерша шаьш эргIаддахана хилар хаийтина шайн мехкан территореш Iамеркан Пачхьалкхан департаменто пачхьалкхийн а, кIоштийн а тептарна юкъараяхарна, яздо "Iамеркан аз" портало.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхийн хьукматан официалан сайта тIехь дац Палестинин автономина хьажийна ша лаьтта дакъа. 2009-2017 шерашкахь Обама Барак президент волуш хиллачу версина тIехь "Палестинин территореш" юкъатоьхна яра коьртачу агIонерчу тептарна а, ткъа иштта Пачхьалкхан департаментан Гергарчу Малхалерчу бюрон агIонан тептарна а.
Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векало боккха тидам ца бахийтира цу хийцамашна, шега цунах лаьцна шинарин дийнахь хаьттича. "Сайт карлайоккхуш ю. Тхан политикехь цхьа а хийцамаш ца хилла", - элира цо. Цуьнца цхьана цо ца элира хир ю я яц Палестинин территорешна хьажийна агIо керлачу сайт тIехь.
Амма Палестинин автономин лидерш шеко йолуш бу, Iамеркан Iедалан цхьайолчу материалашна юкъара "оккупаци йина территореш" олу термин дIаяьллачул тIаьхьа бина и хийцамаш лармаза бина бохучух.
Палестинахойн министрийн кабинето кхеташо дIаяхьира оршотан дийнахь коьрте хиина премьер-министр Штайе Мухьаммед а волуш. Цо дIахьедар дира Пачхьалкхан департаментан сайта тIехь бинчу хийцамаша "тIечIагIдо Iамерка Израилехьара яьлла хилар" аьлла.
Кабинето дIахьедар дина, цу хийцамашка бакъонаш дIаяхалур яц палестинахошкара, дуьненера массо а пачхьалкхо яре еш йолу" аьлла, хаам бо Палестинин официлан WAFA хаамийн агенталло.
Палестина маьршаяккхаран организацин инарлан секретаро Эрекат Саиба дIахьедар дина, тептаран тIера Палестинин территореш дIаяхар "догIуш дац Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна оьшучуьнца" аьлла.
Обама президент волуш Iамеркан Израилехь векал хиллачу Шапиро Дэна аьлла, сайта тIера хийцамаш "хьекъалза" хIума ду аьлла.
"Палестинахой цхьанха а гIур бац. Iамеркана оьшург ду царца юкъаметтигаш лелор. Ша Израил ю тайп-тайпана кепашца Палестинин автономица юкъаметтигаш лелош", яздина цо шен Твиттерехь.