ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь некъахьовзамехь 58 шо долу зуда елла


Гайтаман сурт

Федералан "Аштаркхне-ХIинжа-ГIала" некъан 399-чу чаккхармехь хиллачу некъахьовзамехь елла зуда, хаамбо "Регион online" портало.

64 шо кхаьчначу хIинжагIалахочун Škoda шен йоцчу асантIе а яьлла, дIакхетта дуьхьал йогIучу шина ВАЗ-2110 машенех.

"Цхьана Жигули чуьра 58 шо долу зуда елла, дарбанцIийне дIакхачале, машенан да, лазийна, Бабаюьртарчу лоьрашна тIекхачийна", - яздо Дагестанан некъан полицин пресс-гIоьнчалло.

XS
SM
MD
LG