ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лакхарчу кхело а бакъвина Хасаев Мовсар


Екатеринбургехь бизнесхо Аратюнов Ашот вийна аьлла, Веданара дIа а вигина, оцу гIалахь кхела хьалха хIоттийра Хасаев Мовсар. Амма харцбира кхело талламчаш, таIзарх хьалхаваьккхира нохчо.

Делахь а, кхелхинчун гергарнаш реза ца хилира оцу сацамца – лакхаделира дов.

Хасаев Мовсаран гергарчара а, юьртхоша а чIагIдора, иза стаг вуьйчу мурехь хьовха, шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь бохуш.

Тахана Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело теллина АрутюновгIара дина хилла арз, тIечIагIбина Сверловскерчу кхелан сацам.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG