Къилбаседа Кавказан Ростоврчу тIеман кхело 10 шо хан тоьхна набахтехь яккха Ставрополерчу Сапрыкин Никитина, боху "Рамблер" агенталло.
2017-чу шарахь, шен 19 шо долуш, Дагестанехь эскаре гIуллакх дан вигинчу Сапрыкина бусалба дин тIеэцна. Ткъа кхушеран Iай Благодарное гIалахь байIат дина Малхбалерчу ДАIИШ-ан амирна ал-БагIдадина.
Аьлча а, цхьана шена интернетехула вевзинчу Iаьрбичуьнга смартфонехула дIахьажийна хилла цо байIат деш видеофайл. Иштта ваьлла, боху, Сапрыкин ДАIИШ-ан могIаршка, кийча вуйла хаийтина экстремистийн боламо Ставропол махкахь ден аьлларг кхочушдан.
Талламна а, кхелана а хьалха оьрси вуьззина кIера хилла шен бехканна, REGNUM агенталло бахарехь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?