ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: Хангошвили вийначунна ФСБ-но аьтто бина дозанах чекхвала, тешна а


Bellingcat тобано The Insider а, Der Spiegel а газеташца цхьаьна теллина Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцна стаг мила ву. Цунна Германе вале массех де хьалха делла паспорт. Берлине кхаьчна иза кехаташца 1970 шарахь вина "Соколов Вадим Андревич" а волуш.

Амма Оьрсийчоьнан паспортийн базехь вац ишта цIе йолу стаг. Керла паспорт яздина воцуш волчу стеган цIарх – оцо гойту иза пачхьалкхан Iалашо эцна араваьлла хилар, боху таллам дIабаьхьначу кхаа хьасто.

И стаг, тешна а, ваьлла дозанах чекх ФСБ-н гIоьнца. «Соколовгара» паспорт ду цунна Германе кхачале нийсса итт де хьалха кечдина. Виза елла цунна сихонан кепехь Москварчу Францин векалто. Парижера Берлине веана иза, цигахь цо кху беттан 23-чохь вийна Хангошвили.

Зулам динарг хила тарлуш лаьцна латточун дегIа тIехь ду, набахтехь Iийначу, оьрсашлахь «низамехь волу къу» олучу тутмакхийн тхьамдас лелош хуьлу суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG