ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен майра Оьрсийчоьне дIа цавалар доьху Илаев Амхьадан зудчо


Оьрсийчоьно лехаме веллачу Илаев Амхьадна Украинан Iедалшка депортаци цаяр, бакъоларъярхошка оцу хьолан тергамбар доьху цуьнан зудчо Солдаева Лианас. "Кавказ.Реалиигахь" ю зудчо дечу дехаран текст.

"Харковрчу Октябрски кIоштан кхеле лаьара суна аш, Илаев Амхьада ша махкара дIасавер цахиларх дечу дарех тоамбан дехар", - боху Солдаевас.

Ша Илаевца 2009-чу шарахь бусалба дино ма-хьоьхху цхьаьнакхетта а ю, шайн ши бер а ду, уьш кхаба цхьа Амхьад бен а вац, яздо зудчо. Цо дийцарехь, Илаевс Нохчийчохь дина боху зуламаш иза Украинехь вехачу хенахь нисделла ду, иза аьттехьа а декъахь вац, динца доьзна хьийзаво иза, чIагIдо Солдаевас.

ХIусамера ара ца волуш Iан бина сацам хуьйцуш, бутт хьалха Илаев лаьцна изоляторехь латто магийра Харковн аппеляцин кхело. 12 бетта чохь экстрадицица дерг къасто декхаре ду Украинера Iедал.

Миграцин урхалле шена тховкIело йийхира нохчочо. Даймахкахь пхи стаг верна бехкево иза. Оьрсийчуьра иза а, цуьнан ваша а Украине дIавахана дуккха а зама яьлча динчу зуламна во иза бехке. Ткъа Нохчийчуьра уьш дIабахана цигахь ницкъхоша шайн кхо ваша вийча, боху Илаевн адвокаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG