ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Питерера маьждиг ду уггаре хазаниг, аьлла Кадыровга Путина


Шелара маьждиг
Шелара маьждиг

Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна Петарбухахь ду аьлла хета дуьнентIехь уггаре хаза маьждиг. Иштта аьлла цо шен Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаамбо ТАСС агенталло.

Президента и ойла хазийна Кадыровс шега, деношкахь Шелахь схьадиллина «Бусалбанийн дозалла» маьждиг дуьнетIехь массарел хазаниг ду, аьлча. Европехь уггаре доккха маьждиг а ду иза, тIетуьйхира Кадыровс.

Амма Путинна массарел хазахета маьждиг Петарбухарниг дуйла хиича, ша хIуттур вац пачхьалкхан куьйгалхочуьнца къийса, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс баркалла аьлла Путине, цо маьждиг деллар къобалдарна, иштта дIакхачийна президенте «иттаннаш Iилманчашкара, Iеламчашкара, муфтешкара доккха баркалла».

«Цара соьга дехна, ахь бусалба умматна дечу накъосталлах лаьцна хьоьга довха дешнаш дIаала», - бохура Кадыровс.

Деношкахь Нохчийчуьрчу Шелахь схьадиллинчу «Бусалбанийн дозалла» маьждиго дIалоцу 5 гектар аре. Локхалла ю цуьнан 43 метр, ткъа еа агIор ирахъяхана лаьтта 63 метр мимарш.

Шелара маьждиг дина Кадыров Ахьмадан фондан ахчанах.

Петарбухара маьждиг дина 100 шо сов хьалха. Цуьнан автор ву архитектор Васильев Николай, ткъа дина иза Бухарарчу эмиран Ахьад Хан Сеид Iабдуллин ахчанах. 1940-1956-чу шерашкахь къевлина лаьттина Петарбухара маьждиг – оцу юкъанна молханаш чохь кхобу ларма яра иза, амма Советан пачхьалкхан диктатор Сталин веллачул тIаьхьа юхаделира бусалбанашка.

Кхо гIат ю Петарбухарчу маьждиган – лахахь ламазаш до божарша, шолгIачу тIегIан тIехь – зударша, хьуьжар ю кхоалгIачу гIат тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG