ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланера бохам - 15 шо хьалха


Кавказерчу тIемалоша Бесланера школа закъалте лаьцна латтийна а, иза хIаллакйина а ду 15 шо.

Бераш, хьехархой, дешаран шо даздан баьхкина дай-наной, гергарнаш - 1100 стаг вара школи чохь, иза Нохчийчуьра тIом сацор Оьрсийчоьнна тIе а дожош, дIалаьцча. Басаев Шемала шена тIеийцира нах закъалте лацар.

Гезгмашин-беттан 3-чохь йолийра школин штурм. 334 стаг велира (бер – 186). Иштта хилира Бесланерчу бохамах «Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийна терроран талор».

Официалан информацица, массо а тIемало вийра школи чохь, цхьа Кулаев Нур-Паша воцург – цунна оьмар чекхъяллалц набахтехь Iан кхачийра.

Тахана а дац бакъдерг дIахьедина. Iедалан шен верси, бесланхойн шайн верси ю хиллачун. Спортзалехь бомбанаш лелхийта буьйлабелира террорхой, цара школах лахьо хIума а дуьтур дацара, цундела йолийра эскарша штурм, боху Кремлан версино. Ткъа кхечара дийцарехь, тIемалой а, бераш а чохь долчу спортзална тIе гранаташ кхуьйсу герз детта долийна эскарша. И шолгIа верси бакъйо, Пачхьалкхан Думин депутат Савельев Юрий коьртехь а воллуш, хилларг ма-дарра теллинчу комиссино шен документашкахь.

Политикан доккхачу маьIне дирзира Бесланехь хилларг – цунах бахьана а дина, 8 шарна юкъахбехира губернаторийн харжамаш, хийцира депутат Думе кхочу некъаш, шагдира Оьрсийчуьра дукха низамаш.

Европан кхело 2017-чу шарахь Оьрсийчоь декхарейина Бесланехь деллачу берийн гергарчарна 3 миллион евро дала. Пачхьалкх лара ца елла нехан синош Iалашдан шен тIехь лаьттачу декхарца, ца гIоьртина ша школина йина штурм адамаш кIезиг хIаллакдийр долуш дIаяхьа, аьлла Страсбурго шен сацамехь.

Тахана дагалецаман барамаш бу Бесланехь. Школерчу спортзалехь – иза мемориал ю хIинца – гулбелла вуно дукха гIалин а, мехкан а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG