Полисхочо Брянскехь йиттина хилла 17 шо долу кIант велла
Дарбан цIийнехь дIаваьлла байначу беттан юккъехь Брянскерчу полицин майоро йиттина хилла 17 шо долу Вахрушин Иван, хаамбина «Брянскан керланаш» цIе йолчу портале веллачун гергарчара.
Инцидент нисъелла Локоть юьртарчу кафе чохь.Тешаша дийцарехь, хиина Iачу Вахрушинна тIе а веана, «шеца къамелдан юьстахвала» аьлла цуьнга полисхочо. Ткъа арахь, къамел а дина, вовшашка куьйгаш делла цара, амма Вахрушинна, иза юхавоьрзучу юкъанна, тоьхна майоро, гиначара бахарехь.
Охьавужучу муьрехь терхех дIакхетта Вахрушин. Брянскерчу дарбанцIийнахь кхетамчуьраваьлла Iиллина иза шина кIиранах.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?