ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьарехь Магасехь дан долийначу маьждиган цIе "Сердце Кавказа" аьлла, тилла сацам хиларх, хааме даьккхина инстаграмехь гIалин мэро Цечоев Беслана. 8, 5 эзар стаг чутарлуш хир жду Магасера маьждиг.
ХIора мимаран локхалла 65 метар хир ю, ша маьждиг кхаа гIатах ду. Ишта Iалашо ю бухарчу гIат тIехь исламан синбахамаллин музей елла а. ЗаьIапхойн аьттонна пандусаш а, лифташ а ян дагахь бу Iедалхой.