Бесланан трагеди цхьана хIуман тIехь озабезам а боцуш таллар дехна кIирандийнахь дIаяьхьначу пресс-конференцехь "Бесланера наной" комитето.
"Оха мел дийриг Оьрсийчоьнан низамийн гурашкахь ду, - дIахьедина комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас. – Дера митингаш а, пикеташ а ма хIиттийна оха. Тхан, бахархойн позици ю иза. Шен машарехьа къийсам латто беза. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дуккха а шерашкахь гIуллакх литтина, тIеэцна сацам бу, динчу терактна Оьрсийчоь бехкехиларх. Церан сацаман цхьа пункт кхочушйина яц Оьрсийчоьно. ХIинца талламан органашка довла дагахь ду тхо".
Комитето шайн горгачу стоьлехь резолюци тIеэцна, терроран акташкахь зенаш динчеран Ассоциаци кхолла. Цул совнах "Бесланера наной" юкъараллан барт хилла кхечу организацешца цхьана терроран акташкахь зенаш динчийн статусех низам юкъадаккха.
Иштта. Дудиева Сусаннас дийцина, шайн комитето Къилбаседа Кавказан гIуллакхаш луьстучу Оьрсийчоьнан президентан векале Матовников Александре, Бесланан трагеди толлуш гIо дехарх а.
"Догйовха ду тхо, цуьнгара гIо хир ду аьлла", - дуьйцу Дудиевас.
2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош, дIалецира Бесланера № 1 школа.
ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.
Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.