ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь кеман билетийн мехаш тIекхеташ ду 10 процентна


Дахначу шарца дуьстича, кху шарахь Оьрсийчохь кеман билеташ дазлур ду 9-I0 процентна. ХIаваан транспортан эксплуатантийн Ассоциацин директоран гIовсан Шокуров Борисан хаамна тIе а тевжина, яздо цунах лаьцна "Известия" газетано.

"Шеран шолгIачу а, кхоалгIачу кварталашкахь са хуьлу авиакомпанешна, амма хьалхарчу а, тIаьххьарчу кварталашкахь зенаш лов. Делахь а, кху шарахь а пайда хир бу олийла дац", - аьлла Шокуровс. Ассоциацин жамIашца, карарчу шеран хьалхарчу кварталехь 45 миллиард соьмана зен хилла кеманашна. Ткъа дахначу дийнна шарахь хиллаарг ду 54 миллиард сом зен. Эксперташна хетарехь, кеман билеташ даздаларан коьрта бахьана ду- мехкадаьттан мах тIекхетар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG