ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанехь хиллачу Оздиевна 25 шо хан тоьхна


Масхадов Аслан а, Басаев Шемал а.
Масхадов Аслан а, Басаев Шемал а.

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело набахтехь даккха 25 шо тоьхна Оздиев Хьасанна, герзашца йолчу тобанашлахь оьрсийн эскархошна тIелетарш дина ву аьлла, бехкевина.

Инарла прокуратуран версица, 1999-чу шеран аьхка Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанхойх дIакхетта хилла иза. "2004-чу шаре кхаччалц жигара дакъалаьцна цо Нохчийчохь герзашца лелийначу бунташлахь", - аьлла, яздина ду хаамехь.

Ишта билгалдаьккхина, Ведана кIоштахь ши эскархо вуьйш а, юкъахь хилла ву иза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG