ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Свобода" Радионо схьайоьллуш ю "Север.Реалии" медиапроект


Оьрсийн "Свобода" Радион сервисо "Север.Реалии" медиапроект ю схьайоьллуш. Къилба-Малхбузен федералан гонашкарчу ситуацех а, лаьттачу мехалчу проблемех а дуьйцуш информацин, аналитикан сайт хир ю иза. "Север.Реалии" сайтан агIонашкахь шуна карор ю Оьрсийчоьнан исс кIоштара а, Къилба-Малхбузен гIаланашкара а – Калининградера Воркута, Мурманскера Великие Луки, Петрозаводскера Сакт-Петребурге кхаччалц а – керланаш, репортажаш, ньюйсмейкершца а, эксперташца а интервьюш, аналитика а, историн обзораш а, фотогалерейш а, видеоматериалаш а, документалан филмаш а.

"Север.Реалии" сайтан белхахой а, авторш а – бозуш боцу журналисташ, политикаш, яздархой, Iилманчаш, могIарера Къилба-Малхбузера бахархой а бу. Сайтан коьрта Iалашо ю – бакъ, озабезамаш боцуш, денна ма дарра дийца политикан, социалан бахархойн хьолах, Оьрсийчоьнан Къилба-Малхбузенех кеп-кепара дефиците йолу информаци дIаюзар, оцу кIошташкахь социалан а, экономикан а хуьлучу процессех жамIаш дар а.

"Медиапроект "Север.Реалии" схьаелларо шорйо Оьрсийчоьнан уггар а коьртачу регионашкахь хуьлучух дийца тхан таронаш. Хууш ма хиллара, кхийолу "Свобода" Радион регионалан сайташ, доккхачу декъанна, Сибрехна а, Генарчу Малхбаленна а, Къилбаседа Кавказна а, Волго-Уральскан регионна а лерина ю. Цара дуьйцу меттигашкарчу политикех, экологин проблемех, индустрин кхиарех а. Шайн аудитори а карийна царна. Цундела тхо тешна ду, "Север.Реалии" проекто а шен меттиг дIалоцур бу аьлла", - дIахьедина Радио Маьрша Европа медиакорпорацин президенто Флай Джеймис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG