Несаран бахархой саготта бу 2 шо кхаьчначу кIентан кхолламана. Царна тера хета цу бераца доьзна хьал дейишас йиттина чолакхйинчу 7 шо долчу Ажигова Iайшица хиллачух.
Хьожуш да-нана а доцуш, урамехула лелаш ву кIант, хаам бо инстаграмехь меттигерчу яхархочо Тебоева Асета. Цу беран нана нароктикех йозуш ю, иза чохь Iан петар – меттамотт, ткъа жоьпаллин Iедалхой бу тийна-тIаьIна Iаш, чIагIдо цо.
ТIехйолуш маьхьарий хьоькхуш а, петарна чуваха гIерташ цIех вуьзна стаг а гира шена, полици еара, араяьккхира нана а, карахь бер долуш цуьнан йоI а, и шиъ наркотикийн хьахарехь яра, бохуш яздина шена гинарг Тебоевас. Цо дийцарехь, уьш берш а полице бигира, амма дIахийцира.
"Ас дийхира бер дIа ма лахьара аша бохуш, амма уьш дуьхьалонан акцийн декъашхой ма бац, царна реза боцуш хIумма а ма дац", - яздина цо.
Социалан машанашкахь шуьйра дуьйцуш ду цу бераца доьзна хьал. Дукхаха болчара хьехайо, цхьаммо а терго а ца еш, дейишас маситта баттахь етташ хьийзийна чолакх йина 7 шо долу Ажигова Iайша.
Берийн омбудсменера жоп
Несарара кIант хьокъехь, чIагIдо меттигерчу бахархоша, Iедалхошка латкъамаш бира. "Лулахоша яздинера ГIалгIайчоьнан берийн бакъонашкахула омбудсмене. Цхьа а тергам боцуш дитина. ЛадоьгIуш хир бу, куьйгаш а, когаш а дIадаха дезачу хьоле кхачаре", - яздина Тебоевас. Кестта жоп кхаьчна омбудсменан офисера. Iедалхоша хаам бина, хIоьттина хьал къастош ду шаьш аьлла.
"Цхьана дийнахь цу чуьра нисса ах верзина ваьлла стаг араиккхинера".
"Кавказ.Реалиин" корреспднетаца къамел динчу лулхойх цхьана зудчунна бер кхерамехь ду аьлла хета. "Маситта сохьтехь ша цхьаъ волавелла лелла кIант. Хеча тIуьна ю, меца ву, шелвелла ву. Некъа тIе ваьллера. Цигахь лелаш машенаш ю. Суна хаьа нана наркотикаш лелош хиларх лаьцна. Цхьана дийнахь цу чуьра нисса ах верзина ваьлла стаг араиккхира. ГIалгIайчохь цу тайпана зударий байа а сахьт дац", - дийцира цо кIантаца доьзначу хьолах лаьцна.
Болчу хаамца, полисхой а богIуш, инцидент хиллачул тIаьхьа и петар яссаелла. Ткъа иза мехах нахана чохь баха луш йолчу долахочунна ца лиина верасалла сервисан белхахошна неI схьаелла.
"Малар а, самукъадаккхар а дезаш ю"
Несарарчу полицин кхиазхойн гIуллакхашкахула декъан хьаькамо Чечиева Залинас "Кавказ.Реалиин" корреспонденте дийцарехь, беран нана, 22 шо долу Рашана кхиазхо йолу тергаме эцна яра полицино. Цунна Iуналла дора шаьш, амма 18 шо кхаьчначул тIаьхьа шайн чоьтера дIаяьккхира иза, боху Чечиевас.
Цо чIагIадерхь, церан белхахоша шайн тидамехь латтош хилла и доьзал, сих-сиха шаьш деха меттиг цара хуьйцуш хиллехь а. Цо дийцарехь, карарчу хенахь толлуш ду цу доьзалера бер схьадаккхарх лаьцна хаттар. Рашана нана а ю малар а, самукъадаккхар а дезаш, амма йоIан кIанте дика хьожу иза, дуьйцу Чечиевас.
"Жима кIант реабилитацин центре хьажор ву, тIейогIучу хенахь иза цхьана доьзале давалар Iалашонца", - боху Чечиевас. Цо дийцарехь кIентан кхоллам шен тидаме эцна ГIалгIайчоьнан берийн омбудсмено.
Полицица инцидент хилла масех де далале ши зуда а, кIант а схьакаро аьтто белира. Социалан сервисаша жимачу кIентан верас йина ненанана, ткъа нанна тIедожийна наркоманех дарба лелор.