ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 83 школехь кхаа рожехь хир ду дешар


Нохчийчуьрчу 83 школехь кхаа рожехь доьшур ду бераша кху шарахь. Дахначу шарахь 73 доьшийлехь къоьлла лаьттара аьлла, хааме даьккхина регионерчу дешаран а, Iилманан а министралло.

"Дешаран шо долалуш керла 4 школа йиллина Нохчийчохь, шо чекхдалале схьайоьллур йолуш ю кхин а 14. Делахь а, кхаа рожехь дешархой латторна проблема ерзанза юьсу. 83 школехь бераш алсам хиларна, кхаа рожехь болх бан дезар ду", - аьлла дешаран урхаллехь. Цара бахарехь, дахначу шарахь республикерчу 73 школехь хьийхира кхаа рожехь.

"Стохка дешаран шо долалуш 278 эзар бер дара школехь. Ткъа кху шарахь 282 эзар дешархо вовшахкхетта. Царлахь 33 800 – хьалхарчу классе даьхкина бераш ду. Стохкачул а кху шарахь 3 эзар совдаьлла церан терахь. Берех ярташкара школаш тIехюьзна хилла ца Iаш, Соьлжа-ГIалахь а лаьтта изза хьал", - аьлла, дийцина министраллан векало.

Проблема ерзорхьама гергарчу кхаа шарахь 25 школа йина, чекхъяккха дагахь ду шаьш аьлла, билгалдаьккхина министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG