ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дан долийна 50 сов маьждиг


Нохчийчуьрчу Динан урхалло "Грозный" телеканале бинчу хаамца, республикан кеп-кепарчу гIаланашкахь а, кIошташкахь а маьждигаш ду хьаладеш.

"Дан долийна ду 52 маьждиг, царех 12 Рузба дан таро йолуш хир ду, 40 гергга джамаIат- маьждиг ду. Ислам кхиорхьама мехкан Iедалхоша массо а кепара барамаш лелабо, кхуллуш хьелаш ду", - аьлла, дIахьедина Динан урхаллехь.

Дийцарехь, республикан куьйгалхочун омраца Куьршала кIоштарчу Майртуьпахь деш ду пхи эзар стаг чуваха тарлу маьждиг. Кху шеран Товбеца-баттахь машен хаьрцина веллачу Шела кIоштарчу полисхойн декъан хиллачу куьйгалхочун Мусаев Тамерланан цIе лелор ю цу маьждиго.

Ишта Эвтарахь хьаладеш ду кхи цхьа маьждиг, схьадоьллур ду Мичуринан цIарахчу меттигехь цхьа маьждиг а. Ишта Iалашо ю некъахошна лерина йистошкахула цхьа могIа маьждигаш хIитто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG