ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу полицера арваьлларг: "Сайна гIело йиначаьрга жоп доьху ас"


Полицехь хиллачул тIаьхьа ДебишевТимуран куьйгах "хилларг"
Полицехь хиллачул тIаьхьа ДебишевТимуран куьйгах "хилларг"
Садовская Алёна

Нохчийчуьрчу Оьрсийн драмтеатран актеро Дебишев Тимура шена Соьлж-ГIаларчу полицехь еттарх лаьцна дIахьедина, амма талламчаша тергал а ца до иза.

Дебишев Тимура, шена 2018-чу шеран Лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин №2 декъехь гIелойира, аьлла даржийна. Жимчу стага дийцарехь, полице а валийна, наркотикаш юхкучаьрца зIенехь ву аьлла, цуьнгара дареш даха, уьйрийн цIерш йийцийта хIиттина. Корта, тIе телатан тIоьрмиг а боьллина, пенах биттина, ток яьхна дегIах чекх, гехь полисхо текхавайтина. Лахьан-беттан 12-чу а, 13-чу а деношкахь латтийна цунна тIехь и Iазап, тIаккха дIахецна.

Ша мукъаволлушехь, "Iазапна дуьхьалоечу комитете" арздина Дебишевс. Цигахь цунна гIодина лоьрашка дегIа тIерачу дертийн тоьшаллаш хIиттадайта, аьтто бина Нохчийчуьра аравала.

Итт бутт бу Дебишевна Соьлж-ГIаларчу полицин декъехь гIелойина. Хиллачун тешаш а бу, эксперташкара документаш а ду, амма бехктакхаман гIуллакх ца айдина хIинца а. Цул совнах, кхузза зийна Нохчийчуьрчу талламчаша хилам, амма "ца карийна" зуламан бух.

Шена ток йиттина боху Дебишев Тимура
Шена ток йиттина боху Дебишев Тимура

ДIабахана бутт бовш талламчас Тапаев Мурада кхайкхина Тимур а, цунна накъосталла деш хьийза бакъоларъярхой а зулам динчу метте хьажа, ткъа ца веана ша диллинчу цхьаьнакхетаре. Марсхьокху-беттан 28-чохь Дебишев Тимур а, "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказера векал Пискунов Дмитрий а, Нижний Новгородера адвокат Добронравова Наталья а, хIокху артиклан автор а цхьана сахьтехь эха сахьтехь хьежна талламча Тапаев гаре.

Цхьаьнакхета ца вогIу Тапаев кеп-кепара келхьараваккха гIиртина цуьнан коллегаш: цкъа - кхеле вахана, олуш, юха – кхин гIуллакх листа вахана, олуш, тIаккха - лецнарш чохь кхобучу изоляторехь ву, олуш.

ТIаьххьара а гучуваьлла талламча, амма хаамбина, ша кхечу, ца дича ца довлу гIуллакхаш листа ваха веза, Дебишевца болхбан шен хан янне а яц, аьлла.

Адвоката Добронравовас, иза шаьш цаларар ду, боху, цунна хаьа, талламчас шен болх кIира хьалха дуьйна а раже буьллуш буйла. Ткъа бакъоларъярхочо Пискуновс дагалоьцу талламчас Тапаевс болх муха бо: 30-зза зуламаш дуьхьал дов ца айдеш дитина цо, ур-атталла гIарадаьлла лелла Амриев Мурадна полицехь еттарх долу гIуллакх а.

ХIинца юристаш дагахь бу Тапаевна дуьхьал арз яздан, цуьнга я кхечу талламчига Дебишевна дина таIзар таллийта, бехктакхаман дов айдайта гIерта уьш.

Дебишев Тимур
Дебишев Тимур

"Тхо совца дагахь дац. Тимур а вац юхавала воллуш, тхуна хазахета шен бакъо къовса стаг кийча хилча, иза озалуш воцийла, шен бакъо къовса воллийла гича. Iедало мел хьийзориг иштта хьаьвзаш хилча, дикачу агIор хийцалур яра Нохчийчоь", - аьлла хета Пискуновна.

Адвоката Добронравова Натальяс, "кера юккъехь гуш ду бехктакхаман дов айдан дезаш дуйла, амма шеко яц тешаш кхерийна хиларх", - элира.

"Тимур лоццучу дийнахь лаьцна, иза виггинчу вигина "Нохчо" ансамблера кхо хелхарча а. Уьш, цара бахарехь, полицин декъехь цигарчу белхахошца къамелаш деш Iийна, маьрша арабевлла цхьа сахьт даьлча, тIаккха, арахь летта Дебишевх. Актер ша гал а ваьлла, кхетта бордюрах. Иштта туьду цара Тимурна тIера гIелонан ларш. Амма билгалдаьккхина дац, стенна летта, муха, мила летта, хIун тоьхна. Ткъа ток йиттина ларш – уьш стенгара евлла?! Эксперташа боху, Тимурна йина чевнаш леташ ечех яц. Муха бац дов айдан бух? Дера бу-кх! - цецъюьйлу адвокат.

Дебишев Тимура дийцира "Кавказ.Реалиига" шена муха го талламо лелориг.

"Со Соьлж-ГIала, талламан эксперименте вогIур вац моьттина царна. ИСайна гIело йиначаьрга жоп доьху ас. Суна талламча ваьхьар ву шен болхбан, аьлла хетара, шек велахь а. Дерриг а бахьанаш долуш ду дов айдан, амма ца айдина хIинца а", - боху Дебишевс.

Полицехь гIело йинчул тIаьхьа дерриг а дахар хийцаделла Тимуран. Беза болх бита дезна, махкахваьлла, доьзал хIусамах, уьйрех баьккхина. Делахь а толаме кхача, къар ца вала дагахь ву иза.

"Низам лелаш хилийта лаьа суна. Ма бе нах хIаллак, цаьргара цхьа вониг даьллехь, низамехь таIзар де. Балхара дIаваккха везахь – дIаваккха, гIуда тоха, чуволлахь – чуволла. Зуламхочунна дан деза доггIург. Амма муха дуьту полисхочунна цо дина зулам – адамна шен лаамехь еттар, хьийзор?" – аьлла ю Дебишев Тимуран дог-ойла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG