ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланерчу школехь закъалтехь латтийначу кхаанна ахча гулдина


Журналистан Дудь Юрийн "Беслан. Помни" документалан филм араяьллачул тIаьхьа, 2004-чу шарахь школана тIелатар деш цу чохь хиллачарна лерина меттигерчу бахархоша ахча вовшахтоьхна реабилитацина.

Кхаа сахьтехь йоьдучу блогеран кино чохь гойтуш ву Бесланан школехь закъалтехь латтийна масех стаг. Пхийтта шо хьалха хиллачу трагедехь дера чевнаш йина, инвалидаш бисина, гIудалкх чохь лелаш бу уьш. Даим а дарбанаш лело ахча оьшу царна.

Дзгоева Фатимин а, Муртазова Дианин а доьзалш шайн бахам дIа а боьхкина, дозанал а арахьа шайна дарба лаха баха гIерта, гIоьналлин фондаша деллачу ахчанах лол а бетташ.

Кху 15 шерачохь реабилитацин курсах чекхъяьлла яц Дучко Марина. Зезагаш а лелош, хене йолуш ю иза дуьйцу шен филмехь авторо. Церан массеран а гергарчарна хетарехь, уьш тоххара кога а бахна, дIабуьйлабелла хир бара, нагахь санна, кхачо йоллуш лоьрийн дарба дан аьтто хиллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG