ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмна бехкевина Дагестанехь виъ вахархо


Цхьа могIа терроран зуламаш лелийна аьлла, Дагестанерчу Буйнакскехь виъ вахархо кхеле хIоттор ву аьлла, Iорадаьккхина республикерчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Талламчийн информацица, терроран организаци вовшахтоьхна, зуламаш дан Iалашонца Iамораш дIадаьхьна хилла цара, экстремизме кхайкхамаш а беш, бакъо йоцуш герз лелош.

Ишта талламчашна къаьстина, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь террорхойн тоба цара кхоьллина хилар. Церан Iалашо хилла Буйнакскехь а, Буйнакскан кIоштахь а терроран зуламаш лело, полисхошна тIелетарш а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG