ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурашидовна тIехь ницкъбарх Европан кхеле арз кхачийна


Терроризм кхиош ахча делла аьлла, бехкевинчу Абдурашидов Омаран гIуллакхан хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бина. "Кавказ.Реалии" хьостано хьалхо яздира, кху шеран Зазадоккху-баттахь Абдурашидов лачкъийна вигарх. Цо бахарехь, ФСБ-н белхахоша тIехь ницкъбина, АшиковгIеран вежаршна доцург кхоллийтина хиллера цуьнга. Йоьдучу кхелехь Абдурашидовс дIахьедина, ша дина тоьшаллаш бертаза дина ду аьлла.

Страсбургерчу кхеле кхачийначу арз тIехь билгалдаьккхина ду, Абдурашидовна тIехь Iазап латтийна, талламчаша и тергамза дитина хиларх. Ишта яздина, изолятор чохь латточу Абдурашидовна тIеIаткъам беш хиларх а. ФСБ-н белхахо Коростылев веана хиллера иза волчу, АшиковгIеран вежаршна доцург дийца аьлла, тIедожо. Цо кхерамаш тийсина хилла Омарна ницкъ беш, кхерамаш туьйсуш. Шена тIехь латто Iазап кхи дIа ла а ца делла, ша шена тIе куьйг дахьа кийча ву Абдурашидов аьлла, яздина ду Европан кхеле динчу дIахьедарехь.

Абдурашидовн адвокато доьху кхелахошка, СИЗО-хь цуьнан кхерамзалла Iалашъяр, цунна тIеIаткъамбеш хиларх факташ зер, бехке мел волчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх а долийна, талламаш дIабахьар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG