ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь алапаш уггар а лахара ду


Къилбаседа Кавказан мехкашкахь юккъера белхан алапаш йоллу Оьрсийчоьнца дуьстича уггар лахара дуьсу шеран хьалхарчу ялх баттахь аьлла, Iорадаьхна терахьаш "Аргументы и Факты. Ставрополь" газетано. Нагахь санна, пачхьалкхерчу белхахочунна юккъерчу барамахь 46210,2 эзар сом кхочуш делахь, Къилбаседа Кавказехь 28262,9 эзар сом хуьлу.

Кхарачойн-Чергазийчохь 26070,6 эзар сом. Жимма сов ду Нохчийчуьрчу а, Дагестнерчу а бахархошна кхочург.

Алапа лакхара хиларца хьалха ю Ставропол - 30423,4 эзар сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG