ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерполо лехамашкара дIаваьккхина Бакаев Iела


Бакаев Iела

Ялх эскархо а вуьйш, Нохчийчохь Росгвардина тIелатар дина аьлла, Интерполо лехамашка велла Нохчийчуьра вахархо Бакаев Iела тептарера дIаваьккхина аьлла, хаамбо РБК агенталло. Украинехь лаьцна латточу Бакаевс политикан тховкIело ехнера оцу пачхьалкхан Iедалхошка.

2017-чу шарахь Нохчийчохь Росгвардина кIелойина цо аьлла, Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкевеш хиллачу Бакаевх информаци дIаяйина шаьш аьлла, Iорадаьккхинчу Интерполон инарла секретариатан кехатан копи РБК агенталлан редакцехь ю.

Зуламхойх а, кхерамех а хаамаш дIахоуьйтучу пачхьалкхашка кехат хьажийна Интерполо, шаьш Бакаев лехамашкара дIаваккхарх.

Интерполон файлашна тIехь терго латточу комиссига Бакаев лехамашка валарх латкъам бинера цуьнан адвокаташа. "Журналистийн талламаша а, цуьнан паспорт тIе хIиттинчу мухIарша а, кеман билеташа а, телефонан биллингаша а гIо динера арз чулучу заманчохь", - аьлла, дийцина РБК хьостане Стокгольмерчу нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" организацин куьйгалхочо Садулаев Мовсара.

Цо бахарехь, комиссино Охан-баттахь теллина хилла чуделла арз. "Доцца жоп делла тхуна, дуьненаюкъарчу лехамашкахь кхи дIа Бакаев вац аьлла", - дийцина Садулаевс.

РБК агенталло хеттарш дахьийтина чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, Талламан комитете а. Интерполехь дIахьедина, шайн бакъо яц цхьаболчу сацамех комментареш ян аьлла.

2017-чу шеран бIаьста Ноьвр кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера стохка бIаьста. Полисхоша бахарехь, Нохчийчуьрчу 6 вахархочо динера и зулам. Росгвардин 6 эскархо вийнера хIетахь, кханна кеп-кепара чевнаш йира.

Зулам вовшахтоьхнарг Бакаев Iела хилла аьлла, Оьрсийчоьно бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, Интерполехула лехамашка ваккхийтинера иза.

XS
SM
MD
LG