ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь йиттинчу йоьIан ши ваша школе дIа ца оьцу


ГIалгIайчохь дейишас къизаллица йиттина, дарбан хIусаме кхачийначу Ажигова Iайшин ши ваша школе дIа ца эцна, церан нана даимна а цхьанхьа ехаш ю аьлла, дIаязйина ца хиларна аьлла, хааме даьккхина кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу хьукматан куьйгалхочо. Ша йоI Москварчу профессоран Рошаль Леонидан клиникехь Iуьллуш ю, масех пластикан операци а ю цунна ян езаш аьлла лоьраша.

"Тхайн цIенна гергарчу школе вахийта хьаьжнера со ши кIант. Директор цкъа реза хилира, юха цуьнан гIовса меттиг бац элира. Сайн боцчу аьттонца, хала кечвинера ас и шиъ школе вахийта", - аьлла берийн нанас Евлоева Лидас "Кавказ.Реалии" портале.

Цо дийцарехь, заьIапхо ю аьлла, шена догIучу пенси тIехь а, йоIана йиттинчул тIаьхьа саготта болчу наха лучу ахчанца а хан йоккхуш бу уьш.

Несарарчу кхиазхойн гIуллакхашна тIехь Iуналла латточу хьукматан куьйгалхочо Могушкова Лайлаа бахарехь, даимна а цхьанхьа ехаш ю аьлла, дIаязйина ца хиларна дуьхьало йина школехь цунна.

"Ас телефон тоьхнера школе, директоро цкъачунна меттиг бац элира соьга, карабогIучу баттахь цхьаъ дан хьожур ю ша аьлла. Цхьанхьа а дIабазбина бац уьш, йа нана а, йа цуьнан бераш а. Оцу юьртахь цхьанхьа дIаязъяйта администраци а гIой аьлла, хьехна оха цунна", - аьлла Могушковас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG