ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь а йоккха лоруш динан центр ян йолийна Нохчийчохь


Динан Iеламчан, шейхан Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цIарах Оьрсийчохь а уггар йоккхачух Iилман, дин серладаккхаран центр ян йолийна Нохчийчохь, яздо ТАСС агенталло. Соьлжа-ГIала чувуллучохь Мичуринан цIарах гIалин кепарчу эвлахь хьалаеш ю гIишло.

"Оьрсийчохь а уггар йоккха лоруш комплекс хир ю иза, иттаннашкахь эзарнашкахь наха цхьана чубахана ламаз дан а тарлуш, дешаран чоьнашца, белхахойн хIусамашца, исламан литератураца. Центро доккха дакъа лоцур ду Гергарчу Малхбалерчу а, Юккъерчу а Азин имамийн а, динан дайн а, Нохчийчуьрчу устазийн а, шейхийн а белхаш Iаморехь а", - аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ишта цо дийцарехь, хьаладеш ду республикехь 52 маьждиг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG