Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан чемпионатан 8-чу турехь "Тамбовца" хиллачу матчехь хьарчийна гIуда такхар тIедоьжна "Ахмат" клубана. Чемпионатна тIехь контрол латточу комитетан (КДК РФС) куьйгалхочо Григорьянц Артура бина и хаам.
"Матч йирзинчул тIаьхьа цхьахволу фанат футболан майдана хьаьдда хиллера, футболисте майка еха. Футболан майданахь кхерамзалла Iалашйина ца хиларна, "Ахматна" гIуда тоьхна 120 эзар сом", - аьлла, билгалдаьккхина Григорьянца.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?