ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь леттачарна дуьхьал бехкаш даьхна


Краснодарерчу Вишняковскан базарахь лаьцначу пхеанна бехкаш дехкина талламчаша, хулиганалла лелийна аьлла. Карладоккху, байначу беттан 21-чохь Краснодарехь Вишняковскан базарахь дов даьлла, летта мел лахара 30 стаг. Оцу инцидентехь герз тоьхна вийна меттигера вахархо, Дагестанера схьаваьлла Ванатов Ильяс, лазийнера кхи а ши стаг.

Марсхьокху-беттан 23-чохь кхело лаьцна витира шеконашка эцна кхоъ, ткъа шолгIачу дийнахь каравеара воьалгIаниг а. Кхин а ши де даьлча дIакхайкхийра пхоьалгIа бехкениг а лаьцна шаьш аьлла. Бу лаьцначарлахь Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархой. Полисхойн версица, "криминалан тасадаларш" хиллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG