Украинана дIабала кечбинчу тутмакхийн тептаршкахь ву Керчан гечонехь лаьцна хилла 24 хIордахо а, кхи а 11 хенаш кхайкхийна вахархо а, шайлахь режиссер Сенцов Олег а волуш. "Интерфакс" агенталле цунах хаам кхачийна церан хьостано. Дийцарехь, тIедогIучу шоьтадийнахь дIасахуьйцур болуш бу Оьрсийчоьно а, Украинас а шаьш лецна нах.
Цкъачунна къастанза дуьсу Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла, Оьрсийчохь хенаш тоьхначу Клых Станиславах а, Карпюк Николайх а хиндерг. И шиъ Украине дIаваларх Москван "ша-къаьстина позици" ю аьлла, дIахьедира Лакхарчу Радан депутатца Медведчук Викторца хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Товбеца-беттан юккъехь Украинан омбудсмено Денисова Людмилас а, Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхочо Москалькова Татьянас а тептарш дIацахийцира шина пачхьалкхехь лецна болчу нехан. Украинера 150 стаг а, Оьрсийчуьра 34 вахархо а вара цу тептаршкахь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!