ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхойн тоба вовшахтоьхна аьлла, лаьцна 17 шо долу нохчийн кIант


Бакъо йоцуш герз лелийна, зуламхойн тоба вовшахтоьхна, цу юкъахь дакъалаьцна а ву аьлла, бехкевеш ву 17 шо долу Нохчийчуьра вахархо Кагерманов Апти. Цунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалашкахь яздарца, шен 10 шо долчу заманчохь Соьлжа-гIалин урамашкахь волавелла лелачу цунна 4 граната карийна хилла. Шен бешахь цхьана ханна лаьттах йоьхкина Iалашйина цо уьш, цул тIаьхьа масех що даьлча, полисхоша чIагIдарца, герзаца тоба вовшахтоьхна хилла цо.

"Кавказ.Реалии" порталан информацица, карарчу шеран Дечкен-беттан 21-чу дийнахь дуьйна Хьалха-Мартанахь дIалаьцна Кагерманов Соьлжа-гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле валийна хилла. Цуьнга хеттарш дечу хенахь ницкъбина цунна тIехь, дийцина хьостано.

Зазадоккху-баттахь талламан изоляторе дехьаваьккхина Апти. Цуьнан доттагIаша а, иза вевзачара а дикачу агIор цIе йоккху кIентан. Ах шо сов зама ю Аптин нана мехкан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах хабар тоха гIерта, шен кIентан гIуллакхах йист яккхар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG