ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь протестхойн акцеш дIасалехкинчарна дуьхьал санкцеш яхар хьехна Iамеркан Конгрессо


Москвахь дIаяьхьначу митингашкахь адамийн бакъонаш йохийначарна дуьхьал санкцеш яха аьлла, президенте Трамп Доналде кхайкхамбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн палатан векалийн арахьарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхочо Энгел Элиота а, Техас штатан Конгрессерчу векало Маккол Майкла а. Трампан цIарах юкъахь динчу дIахьедарехь политикаша билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан шахьарахь дIаяьхьначу акцешкахь "дукхахболчу митингхошна йиттина хилар, дIалецна хилар, набахтешка хьийсийна хилар а".

Оьрсийн Iедалхоша лелориг "агресси" а ю, "ОБСЕ-н массо а декъахоша шайна тIелаьцна хилла декхарш инзаре дохийна хилар а ду" аьлла цара. Энгелна а, Макколна а хетарехь, Iедална дуьхьал болчу нехан Iа лакъорхьама Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хIуъа а дийр долуш ву.

Товбеца-баттахь дуьйна схьа латтош ю Москвахь гIалин думе оппозицин кандидаташ битийта гIертачу наха вовшахтоьхна митингаш. Доккхачу декъанна, цигахь лаьцна 3 эзар гергга стаг. Иттаннашкахь лийцира бозуш боцу кандидаташ, митингех долу низам хьаьшна аьлла, бехкебина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG