ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦИК-ан куьйгалхочунна Памфилова Эллина тIелатар дина


Оьрсийчоьнан харжамийн Центран (ЦИК) куьйгалхочунна Памфилова Эллина яхначу буса тIелатар дина вевзашвоцчу стага Подмосковьехь долчу цуьнан цIа чохь, хаамбо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Масийттазза электрошокер тоьхна цунна, чIагIдарехь. "ТуьтмIаьжиг йоьллина стаг корехула чу а ваьлла, масийттазза цунна электрошокер а тоьхна, къайлавала кхиъна", - хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Волк Иринас.

Памфилова Эллин могушаллина кхераме хIуммаъ дац, пIераскандийнахь Москвахь хIоттийначу дуьненаюкъарчу конференцехь дIакъалоцуш ю иза аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле ЦИК-ан аппаратехь.

Электрошокер болх беш ца хилла аьлла, чIагIдо "Baza" гIирсо, шайн хьосташна тIе а тевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG