ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамаевна а, Кокоринна а тIехIоьттина юха а Кадыров


Москварчу цхьана ресторанехь летарна лаьцна, хан токхуш хилла Оьрсийчоьнан футболхой Кокорин Александр а, Мамаев Павел а хенал хьалха маьршабарх комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Хьалха айса аьллачунна тIехь ву со хIинца а. И ши кIант чу а ца вуллуш, цхьа кхи некъаш карон дезара. Бераш ма дац уьш! Шайгара даьллачунна дохковаьлла, кхетта, юкъара къепе йохо мегар доцийла. Цу шингара даьлларг массара а емалдира. Массарна а вевзаш, везаш, дуккха а фанаташ болчу цу шинна дина таIзар къиза дара. Цхьана мIаьргонехь дерригенах а велира и шиъ. Ахчанца гIуда а тоьхна вита везаш хиллера и шиъ, церан дахаран гIуллакх доха а ца деш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Telegram каналехь.

Ишта кхайкхамбина Кадыровс, маьршаваьккхинчу Мамаевна а, Кокоринна а кхи дIа гIо дар доьхуш.

Карладоккху, стохка ГIадужу-беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо Кокорин Александр а, Мамаев Павел а: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавеллера и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG