Романова Софья
Магасехь, "Кавказан Дог" цIе а тиллина, маьждиг деш хиларх хIун аьлла хета меттигерчу бахархошна а, нохчашна а?
"Кавказан Дог" цIе тиллинийла Магасехь дечу маьждигна хаийтина ГIалгаIайчоьнан коьрта шахьаран мэро Цечоев Беслана дIадахначу мукъаденошкахь шен инстаграмехь. 8500 стаг чухоьуш хир ду иза. ДIалоцур ю цо 20 гектар майда.
Амма тIех дахделла маьждиг дар. Оцу хьоло а, туьллу цIе къайлаяхьина кхабаро а, финансаш стенгара евлла ца хаитаро а аьшнашка йоху объект – нах боьлу социалан машанашкахь.
"Тадж-Махал а дина цул сиха-м"
2011-чу шеран бIаьста долийна дан маьждиг. Мехкан экс-куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек вара болх болабайтинарг. Иза 2016-чу шарахь дина дер ду баьхнехь а, ца бевлла белхаш бина.
"Хьакамаша а, белхалоша а хаамбо, финансашца а, гIирсаца а проблемаш яц, бохуш. Белхаш йиллинчу хенаца беш схьабохьу", - яздира мехкан ден пресс-гIоьнчалло 2012-чу шарахь.
"10 шо ду и маьждиг деш долу. Тадж-Махал а дина цул сиха", - яздина ши бутт хьалха "Nate River" цIе йолчу интернетхочо меттигерчу тевизионан репортажна буха YouTubeхь.
"Маца дер ду и маьждиг дина? Сан бераберийн берашна гур мукъане а дуй иза?" - хоьтту Facebook-ерчу постна бухахь Оздоева Лайлаа.
Цхьаболучарна бен яц туьллу цIе, маьждиг дина даьккхичхьана. "ГIурт а битий, наханна маьждиг дай довла, цIе тIаьхьа а туьллур аш", - боху кхечу комментаторо.
"Базбер вай и сийлахь-боккха хилам! ЦIе тилли, кхин 20 шо даьлча – тайпа-тукхум а къастор вай цунна. Ша маьждиг-м ца хилича а магара, цигахь Iедална товш болу нах ма ца гуллой.)))" – бегаш бо "Huseyn Barhoy" ник лелочо.
"Ахча стенга дахана, Евкуров?"
Iедал коррупцино лаьцна, цо дина ца доккхуьйту маьждиг, аьлла хета дукха интернетхошна. Комментареша бахарехь, "5 милииард сом лачкъийна", ткъа бехкево цунна Евкуров.
"Ас кхеторехь, и маьждиг, юьхьанцарчу проектца дуьстича, "5 миллиард соьманна азделла", - яздо YouTube-рчу видео буха "Fra OZ" цIе лелочо.
"Сихбелла, шаьш дина къола къайлахьош, мичахь ду 5 миллиард", - хоьтту "А А" никнейм йолчу стага.
Кхушеран бIаьста гIишлошъяран, архитектурин, бахаман-социалан министралло кхоже диллира, деш долчу маьждигна "дашо" момсарш яр. Бакъду, хIинца уьш баьццара хир ю боху.
"Халкъе хатта дезаш хиллера"
Делахь а, ца хаьттина халкъе маьждигна цIе хоржуш. Халахетта иза дукха гIалгIашна – халкъ цаларар ду иза, яздо наха.
"ЦIе мукъане а ца мега, халкъаца дагабевлла, къасто? Я даржашка ма-кхеччи, дожалийн патент ло хьаькамашна? Халкъ охьа а таIош, хьалавалавелла вац цхьа а, - билгалдоккху машанехь Мархиев Мохьмада.
"Маьждигна цIе Iеламнахе а, халкъе а хаьттина тилла ма езара", - боху Бекбузаров Абу-Езеда.
"Стенна аьлла деш долчу маьждигах "Кавказан дог", хьан аьлла? Нохчийчуьрчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган цIарца къовсавала хьанна дагадеана? Оцу хеттаршна реза ца хилира жоьпаш дала Магасерчу мэрин пресс-гIоьнчалла. Мэр Цечоев волчу "Кавказ.Реалиино" йиттина телефонаш а йисира жоп доцуш.
Ткъа гIишлошъяран, архитектурин, бахаман-социалан министралло шегахь яц, элира, "оцу хьокъехь информаци".
"Кхузза инфаркт лайна Дог"
Иштачу цIаро Кавказан къаьмнашна юкъара барт чIагIбийр бу, боху цхьаболчу наха. "Кавказан Дог" – иза чIогIа цIе ю", аьлла хета"lemka_otyar" ник лелочунна.
"Хьан елла маьждигна и цIе? Сан ларам бу цуьнга", - яздина Магасан мэран Instagram-ерчу поста буха "targim.06" ник йолучо.
Амма ца Iавелла вела ца велча Евлоев Илес. "Кхузза инфаркт лайна Дог…" аьлла цо йина йолуш йоцчу мехкан хазанах.
Кхиберш кхаьрда, хоьтту: "Стенна ду Кавказан оццул жима "дог"? Кхечу цхьана субъектехьчул а жима". Баев Дамалх ву ишта хоьттург.
Ала деза, дукха бу Магасехь дечу маьждиган цIе Соьлж-ГIаларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган цIарца йогIуш хилар цатайна гIалгIай.
"Бен-башха цIе хоржуш къа ца хьегна, гIалгIайн къам бен-башха делахь а", аьлла хета "magakhash1304-на".
"Стенна деза цхьаннах тардала? Кхин гIолехьа цIе яцара-те? Цечоев Беслан, суна нийса ца хета хьо!" - яздина Фейсбукерчу поста кIел "Magomed HD-с".
"Стенна еш ю оцу "дегнийн" копеш!!? Ойла дIаса ца яржаелира шуьга, ца еллехь, хаттийша халкъе", - боху Илиев Сулимана.
"Суна вон хили… Хетарехь, вайх доггах боьлур бу-кх лулахой", - сагатдо "Саша Ди-с".
"Коьртаниг - деса цалаттийтар"
Ткъа хIун хета гIалгIашна уллерчу махкахь? Нохчийчоьнан бахархошка, гIалгIаша Магасерчу маьждигах "Кавказан Дог" аларх: "Доггах доьлур дуй шу, маьждиган цIе муха туьду аш?" - хаьттира "Кавказ.Реалиино".
"Бусалба наха шайна деш ду маьждиг, царна бу цунах болу пайда. Бен-башха дац цIе мухха а тилларх. Хоьттур дац маьждиге баха арабевллачара: "Муха ваха веза "Кавказан Дог" маьждиге?" – хоьттур ду, "юккъерчу маьждиге" муха кхача веза", - боху Соьлж-ГIаларчу Iисас.
"Рамзанан керта гIаж кхоьссина, плагиат олийла дацахь а. "Шун "Нохчийчоьнан Дог" делахь, тхан "Кавказан Дог" ду ала тарлуш ду. "Доггах вела дацахь а, самукъане ду-кх", - жоп делира Соьлжа-ГIаларчу Зайндис.
"Ела хIума дац цигахь. Бакъо ю церан шайн маьждигах шайна луъу цIе тилла. Нохчийчоьно шен маьждигах курра "Нохчийчоьнан Дог" аьлча, хIун новкъа ду лулахоша шайна езза цIе тиллар?" – бохура Соьлж-ГIаларчу Сабинас.
"Маьждиг дац дезаниг – цуьнан цIе ю? Коьртаниг - деса цалаттийтар ду-кх. Нах ламазаш дан лелар ду массо а хIуманал лекха. Дала бусалбанашна беркате дойла иза!" – элира Неврерчу ИбрахIима.