ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабиб – "красава" я "хьарам"?


Нурмагомедов Хьабиб шен деца Абдулманапаца

Цхьаболу Дагестанан бахархой латаре хьажа лууш бац, динца доьзначу бахьанашца


Дагестан дIатийна Гезгмашин-беттан 7-хь Абу-Дабехь хин долчу латаре хаьжа кечлуш. UFC чемпионан Нурмагомедов Хьабибан дезар ду и титул шегахь йита хьажа.

Таханлерчу иза 27-за тоьлла, цкъа а ца эшна. Ткъа цунах лата веза Портье Дастин 25 тоьлла, амма эшна 5-зза. Кху шарахь дуьххьара ринге волуш ву Нурмагомедов. Стохка ГIадужу-баттахь ирландхочун Макгрегор Конорна тIаьхь толам баьккхинчул тIаьхьа цунна дисквалификаци йира.

ХIинжа-ГIаларчу ерриг а букмекерийн конторашкахь боле ахча диллина Хьабиб тоьлур ву аьлла. Коэффицент 1,16 : 3,91 Iамеркахо тоьлур ву бохучун дуьхьал.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттира Дагестанерчу бахархошка царна шотдийнахь хир долчу латарх хетачух лаьцна.

"Хьабиба гойтур ду, кавказхойн амал муха ю бохург"

"Хьабиба гойтур ду Портье Дастинна, кавказхойн амал а, ламанхочун дог-ойла а муха ю бохург. Стохка цо таIзар дира Макгрегорна. Портье цунна хаа а лур вац", тешна ву Шамилан кIоштара Хьадис.

"Хьабиб "красава" ву! Иза сан кумир хилла ца Iан. Иза миллионийн кумир ву. Дуьненан футболан седа Роналду Криштиану ву цуьнгахьа дог лозуш. Цуьнан иштта миллионаш фанаташ бу дерриг а дуьнентIехь. ИншаАллах кхана иза тоьлур ву, - боху ХIинжа-ГIалан вахархочо Iабдуллас.

Кхиболчара шеконаш а хьехайо, ца моьттург хила а мега бохуш. "Дера мегар ма дац 100 процент тешна хила, Хьабиб тоьлур ву аьлла. Йоккхачу спорто даккхийн дагахь доцу хIуманаш дохьу", - билгалдоккху Мохьмадхьабиба.

Хьабибан фанаташ
Хьабибан фанаташ

"Ас дитина цу латаршка хьажар"

Бакъдерг дийцича, цхьаболу меттигера бахархой лууш бац цу латаре хьажа: цхьаберш бала болуш бац Хьабибца, кхиберш иза хьарам гIуллакх хеташ бу.

"Хьалха вуно воккха фанат вара со цу тайпачу латарийн. Цхьаъ тIех ца далийтар ас. Амма хIинца, цу тайпа къовсадаларшкахь дакъалацар а, цаьрга хьажар а хьарам хилар сайна хиича, цунах Далла хьалха жоп дала дезар хиларх лаьцна сайна хиича, иза дитина ас", - дуьйцу Гунибан кIоштарчу вахархочо Сайгида.

Цахьожуш дуьтур ду Хьабибан Абу-Дабера латар цуьнан юьртахочо Мухтарашида а.

Амма Каспийскера Мухтар, йоккхачу спортан къийсадаларш шена хьарам хетахь а, дIакхета дагахь ву Гезгмашин-беттан 7-хь Хьабибехьа болчу хьовсархойх.

Порье: "Урамашкахь Iохкуш хир ду дуккха а и самукъане куйнаш"

Нурмагомедовн дуьхьалонча Портье Дастин шех бIобулу къамелаш деш ву.

"Хьабиб ас сацийначул тIаьхьа урамашкахь Iохкуш хир ду дуккха а и самукъане куйнаш. Дукха а хезна суна со тоьлур ву бохучух шеко йолчу нехан аьзнаш. Амма суна гонах ю сан дика тоба, со кийча ву, ас дерриг а сайна зеделлачух пайда оьцур бу шеко йоцу чемпион хилархьамма", - даладо зорбан гIирсаша Iамеркахочо аьлларг.

Порье Дастин
Порье Дастин

Нурмагомедов а, Портье а леташ хьажа вахана Макгрегор а. Бакъдерг дийцича, офицалан кепара хаам ца бина цо ша хаьнгахьа хир ву аьлла.

Абу-Дабехь латарна Хьабибана лур ду 6 миллион доллар. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан менеджеро Магомедов Ризвана. Иза кхузза алсам ду Макгрегорх леттачул тIаьхьа Дагестанерчу спортхочун деллачу ахчанал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG