ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Матери Беслана" организацино банкехь чот йиллина школехь чевнаш йинчарна лерина


Къилба-ХIирийчуьрчу "Матери Беслана" организацино кху 15 шарахь дуьххьара банкехь чот йиллина, Бесланан школана динчу тIелатарехь чевнаш йина, шен-шен заманчохь дарбанаш лело дезачу нахана ахчанаш вовшахтухуш. ХIинццал оцу юкъаралло цу тайпа некъашца ахчанаш гулдина дац, меценаташ гIо оьшучунна тIехьийсабора цара.

"Тахана "Матери Беслана" организацино" чот схьайиллина. ХIинццалц яцара и, йа гулдеш ахча а дацара цара. Оха тхайн коллегашца цхьана тешийра уьш, цара гулдан деза, хIунда аьлча, комитетна дика хаьа, къаьсттина гIо оьшуш мила ву. Дучкон, Сатцаеван, Муртазован, Дзгоеван кхолламаша гойту, мел хало хьоьгу цара, мел оьшу царна финансашца гIо", - аьлла, яздина "Коммерсант" газетан журналисто Алленова Ольгас шен Фейсбукехь.

Блогеро Дудя Юрийс яьккхинчу "Беслан.Помни" филмо а, "Новая газетан" "Школа номер один" документалан кинос а дукхачу нехан терго тIеозийна Бесланерчу школехь закъалтехь латтийна, чевнашца болчу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG