ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалахь вина, ша дIатесна нана лоьху ГIалгIайчуьрчу вахархочо


Бераш дуьненчу дохучу хIусамехь ша дIатесна шен нана лоьху ГIалгIайчуьрчу вахархочо. Инстаграмерчу цхьахйолчу ГIалгIайчоьнан пабликехь оцу жимчу стага кхайкхам бина аьлла, яздо «Регион Online» гIирсо.

Цо дийцарехь, шен нана лоьху цо. Нохчийчоьнан шахьарахь Соьлжа-гIалахь 1992-чу шеран Гезгамашин -баттахь дуьненчу ваьлла иза лоьмар 1 йолчу цIийнехь. Нанас Iадвитина иза гIалгIайн доьзало шайна кхаба дIавигина хилла. ТIаьхьо Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча, ГIалгIайчу дIабахана хилла церан доьзал.

Шен ненаца цхьанакхета лууш ву жимстаг. Цо кхайкхам бо масаьрга а нана лохуш, шена гIо доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG