ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хуьйцучу Оьрсийчоьнан 12 вахархочунна гечдеш куьйгяздина Зеленскийс


Оьрсийчуьрчу 12 вахархочунна гечдеш, омрана куьйгъяздина Украинан президенто Зеленский Владимира. Киевна а, Москвана а юкъахь лецнарш хуьйцучу пункте дIакхачийна и нах. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина цунах хаам Украинерчу адвокато Рыбин Валентина.

Юристо бахарехь, гечданза витина цхьа Оьрсийчоьнан вахархо. Украинан малхбалехь хиллачу конфликтехь "ЛНР" аьлла, дIакхайкхийначу республикан агIонехь дакъалацарна набахтехь даккха 15 шо тоьхна Гаджиев Руслан ву иза.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто хаамбира, шина пачхьалкхехь лецнарш хийцарх долийна дийцарш дерза герга ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG