ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн журналист Майсигов чохь вуьтуш хан дIаяхйина кхелахоша


Наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкевина гIалгIайн журналист Майсигов Руслан ГIадужу-беттан 12-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, хан дIаяхйина Магасан кхело аьлла, хаамбина цуьнан адвокато.

"Рашид маьрша ца ваьккхи. Кхи дIа а талламан белхаш, зераш дIадахьа дезаш ду шаьш боху цара. Амма оха латкъам бийр бу кхелахойн сацамна", - аьллачу адвокатан дешнаш далийна «Юг. МБХ медиа» хьостано.

Маршо Радионо яздира, "Кавказский узел" агенталлана тIе а тевжаш, наркотикаш латтийна аьлла, Майсигов дIалацарх.

Полисхоша кIентан нене дийцинера, цуьнан хIусамехь кIайн хIур чохь йолу пакет а, "Гуьржийчоьнах лаьцна кехаташ" а карийна шайна аьлла. Журналистан адвокато Аушевс бахарехь, ша лаьцначул тIаьхьа латкъамбинера цо, шена ток еттийтина аьлла.

ГIалгIайчуьрчу протестех хаамаш бечу "Фортанга" хьостаца болх беш вара Майсигов хьалхо. ТIаьххьарчу хенахь цабевзачу наха кхерамаш туьйсу шена бохуш, даредора Майсиговс. Оцу бахьанашца болх бечуьра сецна а хиллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG