ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь беллачу оьрсийн эскархойн цIераш йовзийтина


Кху беттан 3-чохь Шемахь веллачу кхаа оьрсийн эскархойн цIераш къаьстина. РБК агенталлан информацица, лакхара лейтенант Никонов Кирилл а, капитан Сысков Дмитрий а, майор Мицык Роман а хилла уьш. Оьрсийчоьнан лерина операцеш дIахьочу ницкъашлахь эскаран гIуллакх деш хилла бу уьш, агенталлан хьосташа бахарехь. Цара чIагIдарехь, кхин а шиъ ву царлахь лазийна висина. РБК-с зорбане даьхна беллачийн Iаьржачу гурашка хIиттийна суьрташ а. Хьосто чIагIдо, и суьрташ Шемахь байинчийн ду бохуш. Ишта Iораяьккхина, эскархой байарх информаци а: минаш тIе нисбелла хилла уьш.

Еаридийнахь "Ведомости" хьостано Iорадаьккхира, шайн тIеман-дипломатин хьостана а, Iарбойн керлачу хаамийн Al-Masdar News сайтана а тIетевжина, Шемахь кхоъ оьрсийн эскархо велла, шинна чевнаш йина аьлла. Цхьадолчу хьосташа дийцарехь, дахначу кхааридийнахь Джуринехь минаш тIехь лилхина уьш, вукхара бахарехь, Аджас олучу меттигехь кIело йина хилла царна. Ишта билгалдоккху, юьйцург ши инцидент хила а тарло бохуш, хIунда аьлча, оцу шина юьртана юкъахь 60 киламетар ю.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло бакъ ца дора оьрсийн эскархой Шемахь байина хилар.

ПIераскандийнахь "Блокнот Волгодонск" хьостано хаамбира, веллачу цхьаннан цIе билгалъяьлла, Волгодонскера 27 шо долу Никонов Кирилл ву иза аьлла. Хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъйира веллачуьнца цхьана школехь дешанчу бераша а. Цара дийцарехь, меттигерчу лоьмар 9 йолчу школехь дешна ву иза. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа тIемало хила Iалашо яра цуьнан. Зуда а, ши бер а дисина цунах аьлла, дийцина Никоновца дешначара.

РБК агенталло яздора, цу кIентан нана цуьнан дакъа цIа дан Москва яхана бохуш. Никонов Кирилл мини тIехь иккхина аьлла, иза валар тIечIагIдира цуьнан доттагIчо Зайченко Еленас а. Цо бахарехь, шоьтадийнахь дIавуллуш ву иза Подмосковьерчу Редина эвлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG