ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Екатеринбургерчу набахтехь тутмакхаша шайн пхенаш хедийна


Екатеринбургерчу лоьмар 2 йолчу колонехь латточу тутмакхаша шайн пхенаш хедийна, шаьш хьийзор ду аьлла, шайна туьйсучу кхерамашна дуьхьал. "Екатеринбург онлайн" портало бина и хаам, Юкъараллан тергамчийн комиссин декъашхочун Борисов Михаилан дIахьедарца.

Регионерчу Федералан таIзар кхочушдаран урхалло "Интерфаксе" дIахьедина, масех стагна чевнаш хилла аьлла. Цхьахволчу тутмакхан хIусамнанас "Екатеринбург онлайн" хьостане дийцина, 200 гергга тутмакхна чевнаш йина аьлла. Ткъа меттигерчу жигархоша 15 стага пхенаш хедийна аьлла.

Шайн сайташкахь Талламан комитето а, прокуратурано а хаийтина, шаьш колонехь талламаш болийна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG