Оьрсийчоьнан цIарах берийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу Кузнецова Аннас шоьтан сарахь Москва схьакхачор ду Шемара 4 бер. Омбудсменан зорбанчаша билгалдаккхарца, Кузнецова коьртехь а йолуш, оьрсийн делегаци кхочуш ю сарахь ялх сахьт даьллачул тIаьхьа Москварчу аэропорте. Къоман могушаллин центре дуьгур ду бераш цигара дIа.
Дахначу еаридийнахь берийн бакъонашларъярхочун пресс-гIуллакххоша хаамбира, Кузнецова белхан хьокъехь Шема яхана ю, цигахь цхьа могIа цхьанакхетарш хир ду цуьнан берийн бакъонийн хьокъехь аьлла.
Марсхьокху-беттан юьххьехь Кузнецовас дIахьедира, Шемаца дийцарш ду дIахьош, цу пачхьалкхера Оьрсийчоьнан бераш цIадерзорах лаьцна аьлла.
Уггар хьалха даймахка дерзо Iалашо ю тIера дай-наной кхелхина дисина бобераш.
Йолчу информацица, Иракъера хIинцале а Оьрсийчу дерзийна 90 бер.