ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижерчу нохчийн мухIажирша Хангошвили вер озабезамаш боцуш таллар тIедожийна


Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Европехь бехачу мухIажиршна кIелоярна дуьхьал Парижерчу Германин векалтна хьалха митинг хIоттийнера шоьтадийнахь. Европан пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн диаспорш юкъайогIугIучу "Барт. Маршо" ассоциацино вовшахтоьхна акци яра иза, дукха хан йоццуш Берлинехь вийначу нохчийн мухIажирца Хангошвили Зеламхаца йоьзна.

Гулбеллачара тIедожийра немцойн Iедалшна Хангошвили вер озабезамаш боцуш, нийсонца таллар.

"Кавказ.Реалии" портале гулбеллачра дийцарехь, бIе сов стаг веанера хIоттийначу митинге. Царех цхьаболчара дакъалаьцна хиллера оццу Iалашонца Vayfond ассоциацино кху беттан 4-чохь Берлинехь вовшахтоьхначу митингехь а цхьана.

Гулбеллачу цхьаболчийн яххьаш къевлина яра, хIунда аьлча, шаьш деха пачхьалкх Оьрсийчоьнна хаа ца лаарна.

Йозуш йоцчу Ичкери республикан, ГIалгIайчоьнан, Францин байракхаш яра митингхойн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG