Яхначу буса Абу-Дабехь дIаяьхьначу UFС -н чемпионатехь толам баьккхина Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба Iамеркарчу Порье Дастинца хиллачу тасадаларшкахь. КхоалгIачу раундехь Порье эша а веш, UFС-н тоьлла чемпион ваьлла Нурмагомедов.
Оцу турнирехь ишта толам баьккхина дагестанхоша Махачев Ислама а, Салихов Муслима а, Ахмедов Омарис а. ШолгIачу раундехь эшийна Абдурахманов Шемал. Тухугов Зубайрин латар дирзина цхьа а эшна а ца вуьсуш.
Боккха кхаъ хиллера Дагестанна Хьабиба толам баккхар. Масех сахьтехь къевлина латтийна фанататаша урамаш. Толам баккхар даздеш хелхарш деш, герзаш детташ, "Хьабиб-чемпион" бохуш, маьхьарий а детташ, дикка лаьттина меттигера бахархой майданашкахь.