ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо а политикан тутмакх дIахеца аьлла, кхайкхамбина Туск Дональда


Шоьтадийнахь Оьрсийчоьно а, Украинас а лецнарш хийцар къобалдина масех пачхьалкхийн куьйгалхоша а, Евробертан лаккхарчу векалша а, хаамбина "Немецкая волна" гIирсо.

"Эххар а кхочуш хили! Сенцов Олег а, украинхойн хIордхой а маьршабахаро са паргIатдоккху", - яздина Твиттерехь Евробертан кхеташонан куьйгалхочо Туск Дональда. Цо кхайкхамбина Оьрсийчоьне, "биссина политикан тутмакхаш а дIахеца" аьлла.

Евроберто хьалхо масийттазза дехнера украинхой маьршабаха аьлла, дагадаийтина Евробертан арахьарчу политикан лакхарчу векало Могерини Федерикас. Юристаша а, жигархоша а, кхиболчу наха а къахьегар бахьана долуш, тутмакхаш маьрша баха аьтто баьлла аьлла, билгалдаьккхина Могеринис.

Европан Кхеташонан инарла секретарна Ягланд Турбьерна хетарехь, лецнарш хийцаро "Оьрсийоьнан а, Украинан а юкъаметтигаш нисйийр ю" аьлла. Ишта шина пачхьалкхо шайн дозан тIехь лецнарш маьршабахар тайна арахьарчу гIуллакхийн министршна а, Францин а, Германин а, Австрин а, Чехин а, Польшин а, Эстонин а, Литван а, Iамеркан а дипломаташна а.

Iамеркан президенто Трамп Дональда декъалйина Оьрсийчоь а, Украина а, "машарехьа яьккхинарг хьалхара гIулч хила тарло" аьлла, билгалдоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG