ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Instagram-хь Оьрсийчуьра уггар гIараваьлла стаг хIоьттина Хьабиб  


Нурмагомедов Хьабиб.

Дагестанера ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб Оьрсийчуьра уггар гIараваьлла стаг хIоьттина Istagram-хь, Портье Дастинна тIехь толам баьккхинчул тIаьхьа. Цу гайтамехь спортхо хьалхаваьлла телепрограмма дIаяхьархо а, йишлакхархо а, актриса а йолчу Бузова Ольгелла а, яздо "Спорт-экспресс" сайто.

Нурмагомедовн subscriber-ш алсамбовлуш бу. Карарчу хенахь церан терахь ду 16,34 миллион стаг. Бузован агIоне язвелла ву 16,31 миллион стаг.

Абу-Дабехь хиллачу UFC 242 чемпионатехь 30 шо долчу Хьабиба шотдийнахь Портье эшийра кхоалгIачу раундехь.​ Цу кепара цо шегахь дитина чемпионан доьхка.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG