ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калиматовс хийцина Федерацин Кхеташонера ГIалгIайчоьнан векал


Магас
Магас

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хийцина Федерацин Кхеташонехь волу ГIалгIайчоьнан векал. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, цу республикан цIарх керла сенатор ву Барахоев Мухьарбек. Цул хьалха иза куьгалла деш вара меттигерчу депутатийн кхеташонна.

Федерацин Кхетагошенхь Барахоевс хийцина белхахочун бакъонаш чекхяьлла волу Чилиев Муса.

Хьалхо, зорбанан гIирсаша хаам бира ша Калиматов ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хIоттийна хиларх лаьцна. Цигахь цхьана хенахь прокурор хилла иза, Евкуров Юнус-Бека шен лаамехь дарж дитинчул тIаьхьа, республикан куьйгалхочуьнан ханна декхарш кхочуш деш вара Мангалан-беттан чакхенехь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG