ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1999-чу шарахь Путинан беркеманна герз тоьхна хилла Нохчийчохь


Путин Владимир дельтапланна тIехь, 09. 2012 шо.

2000-гIа шо тIекхачале де хьалха цу хенахь Оьрсийчоьнан президентан декхарш кхочуш деш волу Путин Владимир Нохчийчохь кIелнисвелла хилла герз тохарна. Цунах лаьцна пачхьалкхан куьйгалхочо дийцина "Путин" цIе йолчу документалан фильмехь, хаам бо РБК-но.

Путин Нохчийчу вахана хилла цигахь тIом беш болу федералан эскархой декъалбан а, царна совгIаташ декъа а. Иза тIехь волчу беркеман аьтто ца баьлла охьахаа.

Фильман авторо Кондрашов Андрейс дийцарехь, хаам бинера, цуьнан бахьана дара хенахIоттам вон хилар аьлла. Амма ша президенто дийцина, ша тIехь волчу беркеманна атака йина хиллера бохуш.

"Суна ма моттарий иза салют ю, Керла шо даздеш долун дела. Кеманхоша элира: "ХIун салют, вайна герз ду детташ", - дийцина Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG