ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу тIелетарехь эшам ца хилла полисхошна - Дудаев


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIончо Дудаев Ахьмада хаам бина ТАСС агенталле, Соьлж-ГIалахь Петропавловски шоссехь тIелатар дича полисхошна эшам ца хилла.

Дудаевс дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахой гIортина хилла полисхошна тIелатар дан дагахьхилла стаг лаца.

"Иза герз детта волавелира, иза вен дийзира дуьхьал герз тоьхна", - аьлла Дудаевс.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Соьлж-ГIалахь некъан полицин (ГИБДД) белхоша герз диттина вийна Теркийтера 18 шо долу Азиев Iусман. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан сервисо бинчу хаамца, инцидент хилла 9-х ах долуш Ленинан кIоштарчу Петропавловски шоссехь.

Некъаца лаьттачу полисхоша кехаташ хатта сацийна хилла Ford машен. Цунна урхалла дечу стага герз тоьхна, ткъа иза вийна дуьхьал гез а тоьхна, яздо РИА Новости агенталло цу хиламах лаьцна.

Билггал хилларг къастош ду. Стаг вийначу меттехь болх беш ю талламхойн тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG